Частное профессиональное образовательное учреждение "Гуманитарный колледж Эдельвейс"

Беза, бовза Ненан мотт!» аьлла викторинина

21.02.2023

Чиллин беттан 21-чу дийнахь 2023-чу шарахь  ЧПОУ «Гуманитарный колледж «Эдельвейс» ц1е йолчу дешаран хьукматехь д1аяьхьира вайн Нохчийн  Республикан коьрта  куьйгалхочо Кадыров  Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана кхайкхина долчу 2023-чу Нохчийн Меттан шарна лерина йолу «Беза,бовза Ненан Мотт» аьлла  ц1е йолу Викторина.

Цуьнан 1алашо яра Нохчийн Мотт хаар шордар, матте болу безам алсамбаккхар.

Викторина д1аяхьира кхоккха дешархо кхаа тобане бекъна. Ловзар лаьттара массита декъах. Ловзаран декъашхойн декхар дара диттийн, зезагийн, олхазарийн, бецийн ц1ерш оьрсийн маттера 30 секундехь (эха минотехь) Нохчийн матте гочъян.

Нохчийн меттан кицанийн маь1не оьрсийн маттахь долу кицанаш далор.

Къовсамехь тоьллачарна дира совг1аташ.