Частное профессиональное образовательное учреждение "Гуманитарный колледж Эдельвейс"

Нохчийн маттахь дийца

25.04.2023

Нохчийн Меттан Денна лерина"Нохчийн маттахь дийца" ц1е йолчу цхьаьна кхетарна.

2023-чу шеран оханан беттан 25-чу дийнахь ЧПОУ "Гуманитарный колледж "Эдельвейс" ц1е йолчу дешаран хьукматехь д1адаьхьира Вайн Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана 2007-шеран 207-чу Указца кхайкхина долу "Нохчийн Меттан Де" даздарна лермна долу "Нохчийн Маттахь дийца" ц1е йолу цхьаьнакхетар.

Цхьаьнакхетар д1адахьаран 1алашо: Ненан Маттаца йолу шовкъ к1аргъяр, цуьнца йолу уьйр-марзо ч1аг1ъяр, цуьнан йистйоцу хазалла, бух боцу маь1на дешархошна довзийтар.

Цхьаьнакхетарехь жигара дакъалецира колледжан дешархоша. Цара йийшира гоьбевллачу нохчийн поэтий Нохчийн Маттах лаьцна стихаш, лийкхира эшарш, х1иттийра сценкаш.