Частное профессиональное образовательное учреждение "Гуманитарный колледж Эдельвейс"

Ненан мот - дахаран хазна

25.04.2024

Нохчийн Меттан Денна лерина "Ненан мот - дахаран хазна" ц1е йолчу цхьаьнакхетарна.

2024-чу шеран оханан беттан 25-чу дийнахь ЧПОУ "Гуманитарный колледж "Эдельвейс" ц1е йолчу дешаран хьукматехь д1адаьхьира Вайн Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана 2007-шеран 207-чу Указца кхайкхина долу "Нохчийн Меттан Де" даздарна лерина долу "Нохчийн Маттахь дийца" ц1е йолу цхьаьнакхетар.

Цхьаьнакхетар д1адахьаран 1алашо: Ненан Маттаца йолу шовкъ к1аргъяр, цуьнца йолу уьйр-марзо ч1аг1ъяр, цуьнан йистйоцу хазалла, бух боцу маь1на дешархошна довзийтар.

Цхьаьнакхетарехь жигара дакъалецира колледжан дешархоша. Цара йийшира гоьбевллачу нохчийн поэтийн Нохчийн Маттах лаьцна стихаш, лийкхира эшарш, х1иттийра сценкаш.

Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш яра вайн Нохчийчохь дуьххьара нохчийн мотт хьоьхуш хиллачу хьехархочун Насибова Лазин ши йо1: Малика а, Мата а. Дерасиева Мата Шотоевна йаздархо а, хьехархо а ю. Цо оцу цхьаьнакхетарехь дийцира шайн ненан дахарх а, чолхечу кхолламах а лаьцна.

Лази Насибова Кей ц1е йолчу юьртахь Галанч1ожан к1оштахь д1аболийнера шен хьехархочун некъ. Дешархоша ч1ог1а хазахетарца а, балакхачарца а ладуьйг1ира дуьйцучунга.