Частное профессиональное образовательное учреждение "Гуманитарный колледж Эдельвейс"

Нохчийн зудчун Денна

21.09.2025

"Нохчийн зудчун Денна" лерина долчу цхьанакхетарна.

2025-чу шеран товбецан 20-чу дийнахь ЧПОУ "Гуманитарный колледж "Эдельвейс" ц1е йолчу дешаран хьукматехь д1адаьхьира "Нохчийн зудчун Денна" лерина долу цхьанакхетар.

 

Вайн Нохчийн Республикан куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьажин к1ентан Рамзанан омрийца товбецан беттан кхоалг1а к1иранде "Нохчийн зудчун Де" ларар ч1аг1дина 2009-чу шарахь.

Цхьанакхетар д1адахьаран 1алашо: Даиман сийлахь а, йеза а нохчийн къоман зуда хилар довзийтар.

Цхьанакхетарехь жигара дакъа лецира колледжан дешархоша. Цара йийшира гоьбевллачу нохчийн поэтийн Нохчийн къоман зуда, йиша, нана йазйеш, хестош, церан оьздангалла, дикалла, собар, къинхетам болуш хилар гойтуш йолу байташ, лийкхира эшарш, х1иттийра сценкаш.

 

Цхьанакхетарехь йийшира байташ:

"Ас наной хестабо." Агмерзаева Ясминас; "Нохчийн йо1" Минкаилова Меднис; "Нохчийн йо1 - ламанан шовда" Дадаева Айманис; "Ламанан йо1" Абдузакова Самирас; "Зударий, шу декъал дойла!" Ахтаева Арифас.

 

Иштта цхьаьнакхетарехь дийцира вайн Республикин Куьйгалхочун ненан Кадырова Айманех лаьцна а, Вайн нохчийн зударийн заь1апчу зударийн, берийн, г1о оьшучу мискачу нехан ч1ог1а 1уналла деш схьайог1уш йолчу. Нохчийн зудчух, т1емалочух Гиххойн Таймасхех, Дадин Айбикех лаьцна иштта д1.кх.

Т1аьххьара цхьаьнакхетар дерзош йистхилира колледжан директор Исаева Сацита Хумидовна. Цо дийцира нохчийн къоман зударийн сийлаллех, доьналлех лаьцна. Декъалбира хьехархой, дешархой Нохчийн зудчун Денца.