Частное профессиональное образовательное учреждение "Гуманитарный колледж Эдельвейс"

Ненан мотт - дахаран хазна!

24.04.2026

Нохчийн Меттан Денна лерина "Ненан мотт - дахаран хазна" ц1е йолчу цхьаьнакхетарна.

Нохчийн Меттан Денна лерина"Ненан мотт-дахаран хазна!" ц1е йолчу цхьаьнакхетарна. 2026-чу шеран оханан беттан 24-чу дийнахь ЧПОУ "Гуманитарный колледж "Эдельвейс" ц1е йолчу дешаран хьукматехь д1адаьхьира Вайн Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана 2007-шеран 207-чу Указца Кхайкхина долу "Нохчийн Меттан Де"даздарна лерина долу "Ненан мотт-дахаран хазна!" ц1е йолу цхьаьнакхетар.

Цхьаьнакхетар д1адахьаран 1алашо: Ненан Маттаца йолу шовкъ к1аргъйар, цуьнца йолу уьйр-марзо ч1аг1ъйар, цуьнан йистйоцу хазалла,бух боцу маь1на дешархошна довзийтар. Цхьаьнакхетарехь жигара дакъалецира колледжан дешархоша. Цара йийшира гоьбевллачу нохчийн поэтийн Нохчийн Маттах лаьцна байташ,лийкхира эшарш, х1иттийра сценкаш.

Т1аьххьара цхьаьнакхетар дерзош йистхилира колледжан директор Исаева Сацита Хумидовна. Цо дийцира Нохчийн меттан дозаллех лаьцна. Декъалбира хьехархой а, дешархой а Нохчийн меттан денца.